
МАРШОНАН ПОДКАСТ
Podcast von Marsho Radio
Nimm diesen Podcast mit

Mehr als 1 Million Hörer*innen
Du wirst Podimo lieben und damit bist du nicht allein
Mit 4,7 Sternen im App Store bewertet
Alle Folgen
111 Folgen
Нальчикехь полисхочунна дина тӀелатар, нохчийн Iедало Украинера тӀамна хьажийна ахча а, Мусаева Заремин кхелехь хилла ладегIарш а – цунах а доцчух а лаьцна хезар ду шуна Маршо Радион 112-чу подкастехь.

Нохчийчохь доккха ловзар хIоттийра 17 шо долчу Кадыров Адамна зуда йалийначохь, Кадыров Рамзанна могушалла йоьхуш, доIанаш дар доьхуш махкахь бина кхайкхам, "Ахмат" спецназан буйранчан Алаудинов Аптин сахьтаца йозна скандал, Соьлжа-ГӀалахь кхо кхиазхо ахшарахь полицехь лаьцна латтор а, - цунах а доцчух а лаьцна хезар ду шуна Маршо Радион 111-чу подкастехь.

«Оьрсийн йукъаралла» нохчийн берашна дуьхьал йу, Мусаева Заремин кхеле ца веъна волайнхо, депортаци йина иттанашкахь украинхой бу хIирийн а, гуьржийн а дозанера ларми чохь латтош - цунах а, и доцчух а дуьйцур ду шуна Маршо Радион 110-чу подкастехь.

Ши шо хьалха лачкъийна Сулейманова Седа лехамашка йелла полицино, ГIажарийчоьнан а, Израилан а тIамах пропагандин гIирс хилла Къилбаседа Кавказехь, садаIа цIа бохуьйтург эскархошкара кхаьънаш даьхначу Нохчийчуьра командирна кхел йина – цунах а, и доцчух а дуьйцур ду шуна Маршо Радион 109-чу подкастехь.

Пропагадистан Соловьеван а Алаудиновн дов а, бохьна доьзалш цхьанатохар а, Сулейманова Седан лерина пикеташ а- цунах а, доцчуху а лаьцна хезар ду шуна Маршо Радион 108-чу подкастехь.